Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолу Эла, меттанаш э а дай, къамел карзахдаккхахьа сан мостагІийн. Къизалла а, барт цахилар а го суна гІалахь. Дийнахь а, буьйсанна а цу гІалин пенаш тІехула го боху цара. Цу гІалахь зуламаш а, баланаш а бу. Цунна чохь бохамаш а хуьлу. Цуьнан майданашкара нахана гІело яр а, мекарлонаш лелор а дІа а ца долу. Іеса нах ловзабаьлла хІорд санна бу. И хІорд дІа ца тоь, цуьнан хиша сазз а, хатт а аратуьйсу. Сан цІе лелош долу хІара цІа шуна хьалха зуламхойн бен хилла дІахІоьттина те? Суна-м и шадерг а гина! – боху Везачу Эло. – Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугІуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тІе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла. «Церан мотт, Іад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хІуманна тІаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода