Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІордан йистерачу гІамарал а дукха хир бу бисина болу зударий. Делкъахенахь хІаллакдийриг вохуьйтур ву Аса церан къонахойн наношна дуьхьал. ЦІеххьана тосур бу Аса царна тІе кхерам а, къемат а. «ТІеман байракх хьалаайае! Къаьмнашна юкъахь коьман маІа лакха! Бавел-гІалина тІелата халкъаш кечде! Араратан а, Менин а, Ашкиназан а пачхьалкхаш цунна дуьхьал яха омра де. Царна массарна а тІехь баьчча хІоттаве, цІоз санна дукха говраш а хилийта. «ДІакхайкхаде иза кхечу къаьмнашна юкъахь: „ТІамана кечам бе, иракарахІиттабе доьналла долу эскархой, дуьхьалбовлийта массо а тІемалой.
Выбор основного перевода