Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тІулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речІа а, гур а хир бу. „Іожалла еана схьакхаьчна, иза вайн корашкахула чуеана, вайн гІепашна чоьхьаяьлла. Иза урамновкъара вайн бераш а, майданашкара вайн кегий нах а хІаллакбан гІерташ ю“». Ала: «Иштта боху Везачу Эло: „Аренашкахь дІасадаьржина долу кхо санна, байинчеран декъий хир ду Іохкуш. Ялта хьокхуш волчунна тІехьа Іохкуш долу хьаькхна кІа санна, Іохкуш хир ду байъиначеран декъий. Уьш схьагулдан стаг а хир вац“». Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тІебаийтале, маьркІажехь долчу гунаш тІехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Іаьржа бода бийр бу. Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тІера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дІахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гІуллакхаш Суна дагадогІур дац, ткъа цуьнан цІийх Ас хьоьга жоп доьхур ду.
Выбор основного перевода