Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна тІе сингаттаман духар доха, мохь бетташ, тийжарца делха, хІунда аьлча Везачу Элан дералла ЯхІудан халкъана тІера дІа ца йирзина». Ткъа шу, церан Іуй, узарш а деш, делха! Шайн лазарш бахьана долуш лаьттахь керча! ГІайгІанаш а еш, лаьттахь керча! Шу дайа деза йолу хан тІекхаьчна. Кегйина еза пхьегІа санна, шу дІасакхиссина а, охьаэгна а Іохкуш хир ду. qac Еqac*рриг сан цергаш жагІанца Цо кегйи, лаьттарчу чимлахь Цо со верриг а бехви. Шун деза денош гІайгІане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дІахІоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тІедухур ду, хІораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кІантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю. Иза Гати-гІалахь дІа ма кхайкхаделаш, цигахь хозуьйтуш ма делхалаш (Гати – «кхайкхо» бохург ду). Амма Байт-Іапру олучу юьртахь шайна тІе чан тасалаш (Іапру – «чан» бохург ду). Ткъа Даудан цІенна а, Ярушалайм-гІалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доІанийн са шортта тІеІанор ду Ас. ТІаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тІера санна, уьш гІайгІане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гІайгІане хиларе терра.
Выбор основного перевода