Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. МостагІаша Ярушалаймана го бийр бу, гІаролхоша кха ма-ларддара, хІунда аьлча Цуьнан халкъ Суна дуьхьал гІаьттина», – боху Везачу Эло. Дуккха а болчу Іуйша Сан кемсийн беш хІаллакйина, Сан долахь дерг когашца хьийшина. Сан хьоме латта цара яьсса аре йина дІахІоттийна.
Выбор основного перевода