Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. Амма шу, Суна тІе а дирзина, Сан весеташ тІе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дІаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Іибадат дайта а, Со шуьца Іан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“. Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гІанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахІиттор ду. ГІалин пенашна а, иштта ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашна а тІелетар ду уьш. Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тІелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац. ЛадогІа хІокху схьайогІучу гІовгІане! Мохк бегош санна йолу гІовгІа къилбаседерчу махкара схьакхочу! Цуьнан эскаро ЯхІудан гІаланех яьсса аре йийр ю, царах чангІалкхийн баннаш хир ду. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Цхьана халкъана тІера вукху халкъана тІе а кхочуш, бохам бийр бу, ткъа доккха дарц долалуш ду дуьненан генарчу йистошкара. Хьовсал, къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. Церан карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. Хьоьца тІом бан кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Бавел. Царах лаьцна Бавелан паччахье хаам кхаьчча, цуьнан куьйгаш гІелделла охьадахара. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара цуьнгахь.
Выбор основного перевода