Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна, толам а баьккхина, шайна схьаяккхархьама, цхьа гІала го бина аша дукха латтаяхь, оцу гІалин дитташ, шуна баа стом лун дерш, ма дохаделаш. Дагарца ма хададелаш и дитташ. Аренгахь лаьтташ долу дитт адам ма дац, шу тІелата дезаш долу. Шайна девзаш долу баа мега стом луш доцу дитташ дохо а, дІахадо а мегар ду, шайца тІом беш йолчу гІалина дуьхьал чІагІонаш дІахІитторхьама, шаьш цунна тІехь толам баккхалц». Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гІали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гІалина тІе а вогІур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо. Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира. Амма хьан бІаьргаш а, дог а харцахьа хьайна са яккха а, бехк боцучеран цІий Іано а, нахана гІело а, ницкъ бан а бен тІедерзийна дац. Хьажахьа, мостагІаша гІалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Іожаллин уьно а гІалина тІелеташ болчу хашадхойн кара дІадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду. Набухди-Нецара хІордан йистехула лаьтташ болу хьан мехкарий таррашца хІаллакбийр бу. Цо, гІала схьаяккхархьама, тІеман гІирс а дІахІоттор бу, гІалина гонах лаьттан гунаш а дийр ду, ша ларвархьама хьуна дуьхьал турсаш а дохур ду. ТІулга тІехь тІулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».
Выбор основного перевода