Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан хьехамна а, тоьшаллина а догІучуьнга бен ла ма догІа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догІу – церан Делан нур дац! Сан халкъана-м Со вицвелла. Эрначу цІушна сагІанаш доху цара. Цундела когаш тийсалуш лелаш бу уьш шаьш дІакхоьхьуш долчу некъаш тІехь. Шайн дайн ширачу некъаш тІера дІабевлла уьш, нийса доцучу паначу некъаш тІе бовлархьама. «Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам – Хьарибехь Ас цуьнга дІаделла долу парзаш а, тІедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама. Сан дукъ шайна тІеэца, Сох Іама, хІунда аьлча даг чохь Со чІогІа эсала а, кІеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу. ИбрахІима аьлла цуьнга: „Церан Мусан а, кхечу пайхамарийн а деза йозанаш ду, цара яздинчуьнга ладогІа дезаш ма бу уьш!“
Выбор основного перевода