Toggle navigation
Главная
Переводы Библии
Комментарии к Библии
Библейские словари и энциклопедии
Новости
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Сделайте выбор
Комментарии Баркли
Новая Женевская Учебная Библия
Толкование Златоуста
Учебная Библия МакАртура
Толкование Жана Кальвина
Комментарии МакДональда к Библии
Серия комментариев МакАртура
Толкование Мэтью Генри
Толковая Библия Лопухина
Толкование Далласской семинарии
Толкование Блаженного Феофилакта Болгарского
Новый Библейский Комментарий
Комментарии Давида Стерна к Новому Завету
Комментарии Сперджена
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
Новый Завет
Ветхий Завет
Бытие
Ветхий Завет
Книга Бытие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исход
Ветхий Завет
Книга Исход в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Левит
Ветхий Завет
Книга Левит в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Числа
Ветхий Завет
Книга Числа в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Второзаконие
Ветхий Завет
Книга Второзаконие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иисус Навин
Ветхий Завет
Книга Иисус Навин в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Судьи
Ветхий Завет
Книга Судьи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Руфь
Ветхий Завет
Книга Руфь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Царств
Ветхий Завет
Книга 1. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Царств
Ветхий Завет
Книга 2. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Царств
Ветхий Завет
Книга 3. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
4. Царств
Ветхий Завет
Книга 4. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 1. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 2. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Ездра
Ветхий Завет
Книга Ездра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Неемия
Ветхий Завет
Книга Неемия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Есфирь
Ветхий Завет
Книга Есфирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иов
Ветхий Завет
Книга Иов в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Псалтирь
Ветхий Завет
Книга Псалтирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Притчи
Ветхий Завет
Книга Притчи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Екклесиаст
Ветхий Завет
Книга Екклесиаст в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Песня Песней
Ветхий Завет
Книга Песня Песней в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исаия
Ветхий Завет
Книга Исаия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иеремия
Ветхий Завет
Книга Иеремия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Плач Иеремии
Ветхий Завет
Книга Плач Иеремии в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иезекииль
Ветхий Завет
Книга Иезекииль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Даниил
Ветхий Завет
Книга Даниил в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Осия
Ветхий Завет
Книга Осия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иоиль
Ветхий Завет
Книга Иоиль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Амос
Ветхий Завет
Книга Амос в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Авдий
Ветхий Завет
Книга Авдий в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иона
Ветхий Завет
Книга Иона в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Михей
Ветхий Завет
Книга Михей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Наум
Ветхий Завет
Книга Наум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аввакум
Ветхий Завет
Книга Аввакум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Софония
Ветхий Завет
Книга Софония в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аггей
Ветхий Завет
Книга Аггей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Захария
Ветхий Завет
Книга Захария в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Малахия
Ветхий Завет
Книга Малахия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Новый Завет
От Матфея
Новый Завет
Книга От Матфея в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Марка
Новый Завет
Книга От Марка в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Луки
Новый Завет
Книга От Луки в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Иоанна
Новый Завет
Книга От Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Деяния
Новый Завет
Книга Деяния в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иакова
Новый Завет
Книга Иакова в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Петра
Новый Завет
Книга 1. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Петра
Новый Завет
Книга 2. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Иоанна
Новый Завет
Книга 1. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Иоанна
Новый Завет
Книга 2. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Иоанна
Новый Завет
Книга 3. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иуды
Новый Завет
Книга Иуды в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Римлянам
Новый Завет
Книга К Римлянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Коринфянам
Новый Завет
Книга 1. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Коринфянам
Новый Завет
Книга 2. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Галатам
Новый Завет
Книга К Галатам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Ефесянам
Новый Завет
Книга К Ефесянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филиппийцам
Новый Завет
Книга К Филиппийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Колоссянам
Новый Завет
Книга К Колоссянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 1. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 2. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Тимофею
Новый Завет
Книга 1. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Тимофею
Новый Завет
Книга 2. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Титу
Новый Завет
Книга К Титу в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филимону
Новый Завет
Книга К Филимону в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Евреям
Новый Завет
Книга К Евреям в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Откровение
Новый Завет
Книга Откровение в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
← Предыдущая
От Иоанна
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
1
Цул тІаьхьа Галилай-Іоман дехьа болчу берда тІе вахара Іийса. Цу Іомах Тхьабара-Іам олу кхечу тайпана.
2
Дукха адам тІаьхьахІоьттира Іийсана, хІунда аьлча царна гина хилла Цо цомгушчарна тІехь йина тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш.
3
Цкъа, лам тІе а ваьлла, цигахь Шен мурдашца Іаш вара Иза.
4
Ткъа тІедогІуш дара «Пасахь» олу деза де.
5
Юхахьаьжча, Іийсана гира Шена тІаьхьахІоьттина догІу дукха адам. ТІаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» – аьлла.
6
Иза Пилап зерхьама элира Іийсас, ткъа Цунна Шена хаьара Ша дан леринарг.
7
«Царна хІоранна кІез-кІеззиг бепиг кхачийта а, ши бІе динари ахча а тоьур дац-кх», – аьлла, жоп делира Пилапа.
8
Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамІа-Кипин вашас Іандара, элира Іийсага:
9
«Кхузахь цхьа кІант ву, цуьнгахь мекхан демах бина пхи хьокхам а, ши чІара а бу. Амма цунах хІун хир ю кху халкъана?»
10
ТІаккха Іийсас элира: «Охьаховшабе и нах». Иза йоккха меттиг яра, хьалаяьлла дуккха а буц а йолуш. Цу тІе пхи эзар стаг охьахиира.
11
Іийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дІакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дІадийкъира. Иштта царна деззачул чІерий а дийкъира.
12
Нах буьзначул тІаьхьа, Іийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хІума эрна ца дайта».
13
ТІаккха и нах яа хІума йиъна бевлча, царах йисина йолу оцу мекхан деман пхеа баьпкан юьхкаш схьа а гулйина, мурдаша шийтта тускар дуьзира.
14
Цул тІаьхьа, Іийсас йина тамашийна гІуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХІара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар».
15
Ткъа нах, схьа а баьхкина, Шех паччахь вархьама Ша схьалаца бохкий а хиъна, Іийса юха а Ша цхьаъ лам тІе дІавахара.
16
ТІаккха суьйре тІееача, Іийсан мурдаш Іам тІе баха чубиссира.
17
Хинкеман чу а хиъна, Іоман вукху агІор йолчу Къапарнам олучу гІала баха бевлира уьш. Бода а боьллера, амма Іийса хІинца а схьа ца веанера.
18
ЧІогІа мох баларна, хІорд карзахбаьллера.
19
Иштта мурдаша, хІорда тІехула дІабоьлхуш, пхи чаккхарма гергга некъ бира. ТІаккха, шайн хинкеманна тІекхоччуш волу, хин тІехула гІаш вогІу Іийса гира царна. Уьш кхерабелира.
20
Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Со ву шуна иза! Ма кхера!»
21
Іийса хинкеманна чуваккха бохкуш бара мурдаш, ткъа хинкема цу сохьта хІорш тІебоьлхуш болчу хин йисте кхечира.
22
ШолгІачу дийнахь Іоман вукху агІор гулбеллачу нахана гира и цхьаъ бен хинкема цигахь ца хилар а, Іийса Шен мурдашца цу хинкеман чу ца валар а. Ткъа мурдаш, Іийсах дІа а къаьстина, хинкеман чохь шаьш дІабахара.
23
ТІаккха Везачу Эло хастам бина, Дала беркате дина бепиг наха диинчу метте, кхин а хинкеманаш кхечира Тхьабара-гІала олучу меттигера.
24
ТІаккха нахана кхузахь я Іийса а, я Цуьнан мурдаш а цахилар гира. Уьш, Іийса лоьхуш, хинкеманаш чу а хевшина, Къапарнаме баьхкира.
25
Ткъа шаьш кхаьчначу Іоман дуьхьаларчу берда тІехь Іийса шайна карийча, цара элира Цуьнга: «Рабби! Хьо маца кхаьчна кхуза?»
26
Іийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга: Шайна тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш гарна ца лоьху аша Со, ткъа шаьш бепиг а диъна дузарна лоьху.
27
Кху дуьнен чуьра телхар болчу кхачанна къа ма хьега. Амма шаьш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачош болу, Адамийн КІанта шайна лур болу кхача лаха, хІунда аьлча Дала Шен мухІар таІорца тоьшалла до Цунах».
28
ТІаккха наха Іийсага хаьттира: «Муха лела деза те тхо, Далла лерина гІуллакхаш кхочушдархьама?»
29
Іийсас жоп делира царна: «Далла лерина гІуллакх кхочушдар ду Дала Ваийтинчух шу тешаш хилар».
30
ТІаккха цара Іийсага элира: «ХІун тамашийначу гІуллакхийн билгало гойту Ахь тхуна, и ган а гина, тхо Хьайх тешийтархьама? ХІун гойтур дара Ахь?
31
Тхан дайша яьссачу аренгахь стигалан кхача биъна, яздина ма-хиллара: „Стигалшкара доссийна бепиг делира царна даа“».
32
ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Муса-пайхамаро ца делла шуна стигалшкара охьадаийтина бепиг, амма Сан Дас луш ду и бакъдолу стигалшкара охьадоуьйту бепиг.
33
ХІунда аьлча Делан бепиг ду, стигалшкара охьа а догІуш, дуьненна дахар а луш долу бепиг».
34
ТІаккха наха элира Іийсага: «Эла, лохьа тхуна иштта бепиг гуттар а!»
35
Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Со дахаран бепиг ду шуна. ХІунда аьлча Суна тІевогІург цкъа а мацлур вац, Сох тешаш верг цкъа а хьаглур вац.
36
Амма Ас аьлла шуьга: Со шуна гушшехь, шу Сох ца теша.
37
Сан Дас Суна луш мел дерг Суна схьакхочур ду, ткъа Сайна тІевогІург Ас дІаэккхор вац.
38
ХІунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву.
39
Со Ваийтинчун иштта лаам бу: Цо Суна деллачу синойх Ас цхьа а ца дайар, амма тІаьхьарчу дийнахь и синош Ас дендар.
40
ХІунда аьлча Сан Ден лаам бу, хІора а, Со КІант хилар а гуш, Сох тешнарг Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачор. Денвийр а ву Ас иза тІаьхьарчу дийнахь».
41
«Со стигалара охьадоьссина бепиг ду», – Іийсас аларна, Цунна реза боцуш, хамталлаш ян буьйлабелира яхІудхой.
42
ТІаккха цара хоьттура вовшашка: «Вайна девзаш долчу оцу ден-ненан, оцу Юсупан кІант Іийса вац Иза? Ткъа хІинца Цо и муха олу те: „Со стигалшкара веана“?»
43
ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Хамталлаш ма е вовшашлахь.
44
Цхьаннан а вогІийла дац Суна тІе, Со ваийтинчу Дас иза тІе ца оьзча. Ткъа Аса иза денвийр ву тІаьхьарчу дийнахь.
45
Пайхамарийн цхьана тептар тІехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Іамор бу“, – аьлла. ХІора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогІу Суна тІе.
46
Иза дац ша Делера воцучу цхьанна Да гина бохург. Ша Делера волчу Цунна гина Да.
47
Бакъдерг боху Ас шуьга: Тешаш волчун хир ду Дела волчохь хедар доцу дахар.
48
Со дахаран бепиг ду.
49
Шун дайша яьссачу аренгахь стигалара кхача биира, ткъа уьш белла.
50
ХІара бепиг стигалшкара охьадогІу, муьлхха а и диънарг ца валийтархьама.
51
Со стигалара охьадеана дахаран бепиг ду. И бепиг дуучун цкъа а хедар доцу дахар хир ду. Ткъа Ас лун долу бепиг Сан дегІ ду, дуьненан адамийн дахарх Ас дІалур долу».
52
ТІаккха вовшашца къийса хІиттира яхІудхой. Цара бохура: «Вайга Шен дилха муха доуьйтур ду Цо?»
53
Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Нагахь аша Адамийн КІентан дилха а ца даахь, Цуьнан цІий а ца малахь, дахар хир дац шуна чохь.
54
Сан дилха а дууш, Сан цІий а молуш волчун Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Иза Ас денвийр а ву тІаьххьарчу дийнахь.
55
ХІунда аьлча Сан дилха а бакъболу кхача санна ду, Сан цІий а бакъдолу малар санна ду.
56
Сан дилха а дууш, Сан цІий а молуш верг Соьца вехаш ву, ткъа Со цуьнца вехаш ву.
57
Дийна волуш волчу Дас Со ваийтарна, Со а ву Деца доьзна дахар долуш. Иштта Сох кхача бууш волчун а Соьца доьзна дахар хир ду.
58
ХІара стигалшкара охьадеана бепиг ду. Шун дайша диъначу баьпках тера дац иза. Иза дуъушехь, уьш беллера. Ткъа хІара бепиг дууш верг Дела волчохь даим а вехар ву».
59
И къамел дира Іийсас Къапарнамехь гуламан цІа чохь, Ша нахана хьехамаш беш.
60
И хьехамаш хезначу Іийсан мурдех дукхахболчара элира: «Хала ду и дош. Хьаьнга ладогІало цуьнга?»
61
Амма Шен мурдаша реза боцуш гІам-гІим дойла Шен даг чохь хууш волчу Іийсас элира: «ХІокху дешнаша а вас йо шуна?
62
Нагахь Адамийн КІант Ша хьалха хиллачу юхавоьрзуш шайна гича, хІун хетар ду те шуна?
63
Делан Сино дахар ло, ткъа адаман дилханах цхьа а пайда бац. Ас шуьга аьллачу дешнашна чохь са а, дахар а доллу.
64
Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац». ХІунда аьлча Іийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а.
65
ТІаккха кхин а элира Іийсас: «Цундела аьллера Ас шуьга, цхьа а валур вац Суна тІе, нагахь санна Сан Дас иза цунна делла дацахь».
66
Цу хенахь дуьйна Іийсан дукхах болу мурдаш Цунах дІакъаьстира, кхин Цуьнца а ца лелаш.
67
ТІаккха Іийсас Шен шийтта мурде элира: «Шуна а лаьий те дІакъаста?»
68
Ткъа ШамІа-Кипас жоп делира Цуьнга: «Веза Эла, хьанна тІегІур дара тхо? Хьоьгахь ма-ду Дела волчохь хедар доцучу дахаран дешнаш.
69
Теша а тешна, Хьо Дала Вазвинарг вуй хиира тхуна».
70
Іийсас жоп делира царна: «Ас хаьржина вацара шу шийтта? Амма шуна юкъара цхьаъ иблис ду».
71
Цо и элира ШамІа-Искархочун кІантах ЯхІудах лаьцна. ХІунда аьлча шийттаннах цхьаъ воллушехь, цо тІаьхьо тешнабехк бийр болуш бара Іийсана.
← Предыдущая
От Иоанна
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО