Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХІокху яьссачу арахь берриг а хІаллакьхир бу уьш“». Ваьшна деза мел долу хІума схьагулдийр ду вай, вешан цІенош хІонсах хьала а дузуш. ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. Шун хьекъалчаш юьхьІаьржачу а хІуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал? Цаьрга дІаала: „ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хІокху лаьтта тІе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хІума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догІур ду. «Иштта боху массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала: „Хьовсал, хІокху гІалина а, цунна гонах йолчу ярташна а Аса хьалха аьлла болу массо а бохамаш бийр бу, хІунда аьлча уьш бухахьа а бевлира, Сан дешнашка царна ладогІа а ца лиира“».
Выбор основного перевода