Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара боху: «Мила Іамо гІерташ ву иза? Хьанна хьекъал луш ву иза шен хьехамца? Дакхочуьра дІадаьхначу кегийчу берашний? Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра. Со вист мосазза хуьлу, Аса, мохь а бетташ, кхойкху: «Къизалла а, хІаллакьхилар а хир ду». Везачу Элера болу и хаам ас барна, наха со сийсаз а во, сох массо а дийнахь кхаьрда. Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду. Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.
Выбор основного перевода