Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Іесачарна машар хир бац», – боху Везачу Эло. ТІаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъ ледеш хилла те Ахьа, цаьрга: „Шу долчохь машар хир бу“ бохуш, церан логе тур хІоттийнашехь?» Цара массо а хенахь Сох ца бешаш болчаьрга олу: „Везачу Эло боху: шу долчохь машар хир бу“, ткъа шайн аьрхачу дегнашца лелаш болчаьрга цара олу: „Шуьга бохам богІур бац“». Иза иштта билггал хир ду, хІунда аьлча цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тІе кир тоьхча санна хуьлу. машар боццушехь, Ярушалаймана машар бу бохуш, пайхамаралла дина болу Исраилан халкъан пайхамарш’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Сан халкъ тилош болчу пайхамарех лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Шайна кхаъ кхаллочарна цара машар кхайкхабо, ткъа шайн бага хІума ца юьллучарна цара тІом дІахьебо. «ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац.
Выбор основного перевода