Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъана юкъахь мотт бетташ ма лела, хьайн уллорачун дахарна кхерам ма таса. Со Веза Эла ву. Амма хІара халкъ чІогІа аьрха халкъ ду. Уьш, дІа а бирзина, дІабахара. «Ларлуш хила шайн доттагІех, шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша, хІунда аьлча хІора гергарчо Іехаво, ткъа хІора доттагІчо эладита даржадо. «Адаман кІант! Исраилан халкъ Суна хьалха боьханиг санна хилла дІахІоьттира. Кхерчахь тІехула хІутту гІели а, цІаста а, эчиг а, даш а санна хилира иза. Дети кхерчахь цІандинчул тІаьхьа дисина долу боьханиг санна ду и халкъ! Дети а, цІаста а, эчиг а, даш а, гІели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цІе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гІалина чу а дехкина, лалор ду.
Выбор основного перевода