Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча дешнех хьалавуьзна ву со, ткъа сан кийрахь долчу сино Іаткъам бо суна. Сан кийра садеІалуш доцу керла чагІар санна бу, иза эккха боллуш болу пІаьлдиг санна бу. Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгІазло а, дералла а хІокху меттигна тІе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тІе, иштта дитташна а, ялтина а тІе. Сан дералла цІе санна йогур ю, ткъа иза дІаяйа стаг а хир вац». „Іожалла еана схьакхаьчна, иза вайн корашкахула чуеана, вайн гІепашна чоьхьаяьлла. Иза урамновкъара вайн бераш а, майданашкара вайн кегий нах а хІаллакбан гІерташ ю“». ТІаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цІарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цІе санна, догура, сан даьІахкашкахь дІахьулйина цІе санна, иза летара. Со хІоьттинера иза сайгахь сецо гІерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора. qac Цqac*у урамийн ченалахь ма Іохку бераш а, къаной а охьаэгна. Сан йоІарий а, кегий нах а мостагІчун туьро охьабехкина. ОьгІазваханчу ва дийнахь Ахь уьш хІаллакбира. Церан синош ца кхоош, къизаллица уьш байъира.
Выбор основного перевода