Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш кхерабелла хир бу, чІогІачу лазарша дІалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета. И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду. Иза Цийонан йоІан аз санна ду. Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина, цо боху: «Маржа-яІ! Сан са малделла дІадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!». ХІун эр ду ахьа, ахьа айхьа Іамийна болу бартхой Везачу Эло хьуна тІехь хьаькамалла дан дІахІиттийча? Цундела лоцур юй те хьо лазарша, берах хьийзош йолу зуда санна? Ливанунерчу дечигах йинчу гІалахь вехаш волу хьо, баганан диттан дечигах динчу цІеношкахь Іаш волу хьо, ма узарш дийр ду ахь, хьайна бохам тІебеача, берах хьийзо зудчун лазарш санна хир бу иза!» ТІаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхІу вен везаш ву, хІунда аьлча цо дуьйцучо кху гІалахь бисинчу тІемалойн а, иштта гІалин бахархойн а майралла дІайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду». Дамасакх-гІалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дІабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гІайгІано а, лазаро а уьш дІалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду. Царах лаьцна Бавелан паччахье хаам кхаьчча, цуьнан куьйгаш гІелделла охьадахара. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара цуьнгахь. Массеран а куьйгаш охьадахана хир ду, ткъа церан когийн голаш, хи санна, егош хир ю. Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“ – ахьа ала деза: „Вайна тІекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тІекхаьчча, хІораннан дог, Іадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дІадаьлча санна, охьагІур ду, хІораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогІа, и хаам тІекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода