Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хийрачу мехкашкара зударий безара Сулим-паччахьна. ПирІунан йоІ йоцург, царна юкъахь бара муабахойн, Іамминхойн, эдомхойн, цІаданхойн, хьетахойн йоІарий. Иштта шен хийрачу мехкашкара ялийначу массо а зудчунна шайн-шайн деланашна баьрзнашна тІехь хІиттийначу кхерчаш тІехь хаза хьожа йохуьйту меттигаш а, сагІа доккху меттигаш а кечъяйтинера Сулим-паччахьо. Ур-атталла шен ден нана МаІха а паччахьан цІе лелорах яьккхира Асас, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бІогІам дІахІотторна. И цІу, цеста а цистина, Кхидрун-тогІи чохь вагийна дІаваьккхира Аса-паччахьо. Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чІагІо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаІална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу. Цул тІаьхьа Сан цІе лелош долчу цІийнан керта тІе а догІий, Суна хьалха дІахІуьтту шу: ‘Тхо маьршадевлла’ – бохуш. Массо а и дегаза хІуманаш лелорхьама, шаьш маьршадевлла моьтту те шуна? Хьуна гуш дац цара ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамнекъашкахь а деш дерг? Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Аша а, шун зударша а шаьш шайн багахула схьааьлларг шайн куьйгашца чІагІдина. Аша боху: ‘Стигаларчу зуда-паччахьна цІеран а, чагІаран а сагІанаш дийр ду аьлла йолу чІагІо оха билггал кхочушйийр ю’. Шаьш делла дош дан ма-дезза кхочушде! Шаьш йина чІагІонаш билггал ларъе!
Выбор основного перевода