Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
оцу меттехь динан дас оцу зудчуьнга неІалт кхайкхоран чІагІо йойтур ю, – Везачу Эло хьан халкъе хьуна неІалт кхайкхадойтуьйла. Цо хьан гІогІаш а толхуьйтийла, хьан кийра а боьстуьйтийла. Нагахь аша иштта алахь, ЯхІуд-махкахь дийна бисинарш, тІаккха аша Везачу Элера болчу хааме ладогІа деза. ЛадогІа шайга Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло бохучуьнга: „Нагахь санна аша Мисар-махка дІадаха а, цигахь Іан а баккъал сацам бинехь, шу кхоьруш долу тур цигахь шуна тІаьхьакхуьур ду, шу къаьхкаш йолу мацалла цигахь, Мисар-махкахь, шуна тІекхочур ю, ткъа цигахь шу лийр а ду. ХІора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Іожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кІелхьарвер вац“. Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгІазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тІе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тІе охьаІанор ю, шу Мисар-махка дІадахча. Наха шун цІе яккхарца неІалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хІара меттиг а гур яц шуна“. ХІинца хаа ду шуна: шаьш даха дІадаха шуна охьаховша лууш йолчу меттехь туьро а, мацалло а, Іожаллин уьно а хІаллакдийр ду шу». Амма ладогІалаш Везачу Элера болчу хааме, Мисар-махкахь мел бехаш болу яхІудхой: ‘Сайн сийлахьчу цІарах Ас чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – массанхьа а Мисар-махкахь вехаш волчу цхьана а яхІудхочо кхин цкъа а Сан цІарах чІагІо йийр яц, ‹Дийна волчу Хьалдолчу Элах чІагІо йо ас› – бохуш
Выбор основного перевода