Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кІант ца кхоош, ахь иза дина, Шаьш дийна волчу Везачу Элах чІагІо яхь а, цунах а ца тешаш, харцонца бист ма хуьлу уьш». Амма хІокху дешнашка аша ла ца догІахь, Аса Сайх дуй боу, – боху Везачу Эло, – хІара цІа Аса дассор ма ду’“». Цул тІаьхьа Ярми-ЯхІус, леррина зударшка вист а хуьлуш, массо а нахе элира: «Мисар-махкахь Іаш болу массо а яхІудхой, ладогІа Везачу Элан даше! Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хІора, шайн цІуйн гІуллакх а деш лела! Амма цул тІаьхьа, аша Соьга ла ца догІахь, Сан еза цІе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагІанашца а, шайн цІушца а! Ша-шех чІагІо йо Хьалдолчу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: «Суна ца еза Якъубан куралла, Со ца веша цуьнан исбаьхьачу гІишлойх, Ас гІала а, гІалахь мел дерг а дІалур ду мостагІашна». ИбрахІимна Ша ваІда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела. Дала ваІда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хІума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дІадахана долу вай чІогІа иракарахІиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тІехь латтархьама.
Выбор основного перевода