Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Хьан ваша, я хьан кІант, я хьан йоІ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагІа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гІорта мега: „Вало, кхечу деланашна гІуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш. Деланаш боцучу жинашна сагІанаш дохура цара, – хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хІинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна. Иштта Ярушалайм техкаш ю, ЯхІудан халкъ дужуш ду! Цара мел олург а, дийриг а Везачу Элана дуьхьал ду. Цуьнан сийлаллица Иза хьоьжуш хилар дола хета царна. Айса дІахьейина кхел кхочушйийр ю Аса Сайн къомана тІехь, цара мел лелийна вониг бахьана долуш. Суна букъ а берзийна, кхечу деланашна сагІанаш а дохуш, шайн куьйгашца кхоьллинчунна Іибадат дора цара. Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. Амма цара зен дийриг Со ву те? – боху Везачу Эло. – ХІан-хІа, шаьш-шайна зен ма до цара, шаьш юьхьІаьржачу а хІиттош». Цара Со а витина, хІара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хІума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхІудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагІанаш дохура. ХІара меттиг бехк боцучеран цІийца юьзира цара. Цо соьга элира: «Адаман кІант, гуш дуй хьуна хІара? Шаьш кхузахь мел деш долу дегаза хІуманаш ЯхІудан халкъана кІезиг хета те? Цул сов, цара хІара мохк гІелонех бузу, хаддаза Со оьгІаза а оьхуьйтуш. Хьажал, цара Сан мерана тІе гаьннаш уьйу! Цундела Аса дІагойтур ю царна Сайн оьгІазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугІур дац цаьрга». Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо.
Выбор основного перевода