Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гІали чуьра араделира. Иза дедда Іариба-тогІи чу дІадахара. ТІаккха хашадхойн эскар паччахьна тІаьхьаделира. Ерихон-гІалин аренашкахь уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тІемало цунна уллора дІасаведира. ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. ЦІадукъ-ЯхІун кІентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бІаьрг а баьккхина, цІестан буржалш а тоьхна, Бавеле дІавигира. Цул тІаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гІалара Іожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кІелхьардаьлла долу халкъ а дІалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагІашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хІаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“. хьан са лоьхуш болчеран кара а дІалур ву, иштта хьо кхоьруш волчу бавелхойн паччахьан Набухди-Нецаран а, хашадхойн кара а дІалур ву. Амма хашадхойн эскар царна тІаьхьаделира. Уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тІевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь вара. Цигахь цо ЦІадукъ-ЯхІуна кхел йира. Уьш хІаллакбан гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу Ас уьш – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тІаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Іаш хир бу», – боху Везачу Эло. «Адаман кІант! Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунна дуьхьал вист а хилий, цунна а, берриг а Мисар-махкана а дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Иштта ала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Мисар-мехкан паччахь волу пирІун, Со хьуна дуьхьал ву, хьо боккха саьрмик санна ву, хьан Нил-хин гаьннашна юкъахь Іуьллуш болу. Ахь боху: ‹ХІара Нил-хи сан ду, иза аса кхоьллина а ду›. Амма Аса хьан мочхалех мІара а тесна, хьан пелагашна тІе хьан хиш чуьра чІерий а латийна, хьо цу Нил-хи чуьра схьабоккхур бу, хьан пелагашна тІелеттачу чІерашца цхьаьна. Ас хьо яьссачу аренгахь охьакхуссур бу, хьо а, хьан хиш чуьра берриг а чІара а. Хьо даьссачу кха тІе охьабужур бу, цхьаммо а хьуна гІо а дийр дац. Ас хьо лаьттахь лелачу акхарошний, стигаларчу олхазаршний дІалур бу, цаьрга баийта. «Адаман кІант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дІа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама». Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур. Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дІасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дІасакхуьссур а бу. Ткъа Бавелан паччахьан куьйгаш Ас чІагІдийр ду, цуьнан кара Сайн тур а лур ду, ткъа пирІунан куьйгаш Ас кегдийр ду. Иза цунна хьалха, валлал чІогІа лазийнарг санна, узарш деш хир ву.
Выбор основного перевода