Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тІедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хІокху бертан таІзарш царна тІехьажийра“». Айса аьллачуьнга ладогІарх дІакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал йора цара. Исраилан а, ЯхІудан а тІаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра. ХІара вон халкъ Сан дешнашка ладогІарх дІакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тІаьхьахІутту, царна Іамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хІокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хІуманна пайденна боцуш бина дІахІиттор бу.
Выбор основного перевода