Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш латийначу къинна мах баларца беллачийн нойх лаьцна аьлча, уьш йоха а яй, шар а яй, царах йина юткъа экъанаш сагІа доккхучу кхерчана тІелаца, хІунда аьлча и нойш Везачу Элана хьалха еана яра, цундела уьш язйинера. Уьш Исраилан халкъана билгалонна хир ю“». „Іожалла еана схьакхаьчна, иза вайн корашкахула чуеана, вайн гІепашна чоьхьаяьлла. Иза урамновкъара вайн бераш а, майданашкара вайн кегий нах а хІаллакбан гІерташ ю“». ЯхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІус а, ЯхІудан халкъо а вийрий Мика-ЯхІу? Хьузакх-ЯхІу Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна ца хилла те, цо Веза Эла шена резахилийтар ца лехна те? Ткъа Везачу Эло, дохка а ваьлла, Ша царна бан аьлла болу бохам ца сацийна те? Ткъа вай ваьшна доккха зен дан кечделла“». хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура, хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура, хьоьца Аса кІант а, йоІ а хьошура, qac Лqac*едарадевлла-кх сан бІаьргаш, бІаьргех хиш охьадарна. Кийрахь мел дерг дегадо сан, дог карзахдаларна. Сайн синах а ваьлла со, дукха тийжаш хиларна. И дерриг а хилла суна, сан халкъ дохийна лелорна, Кегий бераш а, дакхош дерш а, мацалло эгийна, ГІалин урамашкахь Іохкуш хиларна. Ахьа цаьрга ала деза: „Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – зуламечу нахана Іожалла тІеярах Суна там ца хуьлу. Мелхо а, Суна лаьара уьш, шайн зуламечу некъашкара дІа а бевлла, бехийла. Юхадерза! Юхадерзахьа хьайн вочу некъа тІера! ХІунда хуьлу хьо хІаллак, Исраилан халкъ?“
Выбор основного перевода