Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш дІабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгІира Везачу Эло шайга, дІахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цІу-деланашна Іибадат дора, уьш хІумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хІумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг». Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дІатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дІахІоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Іибадат а дора, БаІал-харцдалла Іамал а йора. Цара шайн бераш цІерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора цара, Иза оьгІаз а вохуьйтуш. Айса дІахьейина кхел кхочушйийр ю Аса Сайн къомана тІехь, цара мел лелийна вониг бахьана долуш. Суна букъ а берзийна, кхечу деланашна сагІанаш а дохуш, шайн куьйгашца кхоьллинчунна Іибадат дора цара. Кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитта, царна Іамал ярхьама а, Іибадат дархьама а. Шун куьйгаша бина болу уьш бахьана долуш, ма вахийта со оьгІаз. ТІаккха Аса зен дийр дац шуна“. Амма аша Соьга ла ца дуьйгІира, – боху Везачу Эло. – Шайн куьйгаша дина гІуллакхаш бахьана долуш, Со а оьгІаз вохуьйтура аша, иштта шайна вонаш а дора. Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгІазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тІе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тІе охьаІанор ю, шу Мисар-махка дІадахча. Наха шун цІе яккхарца неІалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хІара меттиг а гур яц шуна“.
Выбор основного перевода