Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гІалара баьччанаш Іехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чІогІа тІулг санна хила безнехь а. Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгІира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гІала дІабахара. Тахьпанхьас-гІалахь Ярми-ЯхІуга хІара хаам кхечира Везачу Элера: «Масех боккха тІулг а лахий, Тахьпанхьас-гІаларчу пирІунан цІенна чу воьдучу меттигна хьалха йолчу майданан поппар буха дІадохка уьш, берриг а яхІудхочунна гуччохь. «ХІара хаам дІакхайкхабе Мисар-махкахула, дІахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гІаланашкахь: „Лардаран раьгІнашкахь дІахІиттий, тІамана кечло, мостагІчун туьро хьуна гонах мел долу къам дІакхоллу дела. Ас юхабалор бу мисархойн йийсархой, уьш схьабевлла долчу ПатІрусан лаьтта тІе схьабалор бу Ас уьш, амма церан пачхьалкх кхин чІагІъелла дІахІуттур яц.
Выбор основного перевода