Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, ма гІохьа оьгІаз барам боцуш, абаденналц тхан къинош дагахь а ма латтадехьа. Схьахьажахьа: тхо массо а Хьан халкъ ма ду. ХІара боху Везачу Эло оцу халкъах лаьцна: «Цу нахана дукхадеза Сох къехкар, шайн когаш ца сацало цаьрга. Цундела Аса уьш тІе ца оьцу. Цара летийна къинош Суна дагахь лаьттар ду. Цара летийначу зуламашна Аса царна таІзар дийр ду». Чу а ваьлла, гонах дІасахьаьжча, суна гира массанхьа а пенаш тІехь дехкина текхаргийн а, дегазчу дийнатийн а, исраилхоша Іамал еш мел болчу цІуйн а суьрташ. Цу суьрташна хьалха лаьтташ вара Исраилан халкъан кхузткъе итт къано, ткъа царна юкъахь Шапанин кІант Яъзан-ЯхІу а вара. ХІораннан а карахь хаза хьожа йогІу хІума чохь ягош йолу ной а яра. Цу нойш чуьра хьалаоьхуш сегІазах йогІу хаза хьожа яра. хІора майданна тІехь ахьа хьайна кхахьпаллин цІа а до, цІушна Іамал ян меттиг а кечйо. Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Шайн аьрхалла дІа а йовзуьйтуш, шаьш мел дечу гІуллакхашкахула шайн къинош дІа а гойтуш, шаьш бехке хилар гайтира аша. Ткъа аша шаьш шайн бехке хилар дагадаийтарна, шу ницкъаца схьалоьцур ду. Царна дага а ца догІу Суна церан зуламаш дерриг а дагахь хилар. Шаьш динчу зуламаша хІинца го бина царна. Церан къинош Суна хьалха ду.
Выбор основного перевода