Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ЕшаІ-ЯхІус элира: «ЛадогІа соьга, Дауд-паччахьан тІаьхьенах берш! Нахана шаьш ен халонаш а ца тоьуш, сан Далла халонаш ян дохку шу? Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхІудан халкъ! Шайн дегнаш тІера пардо дІа а даьккхина, уьш цІан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цІе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш». Иштта леларна Аса таІзар дийр дац те? – боху Везачу Эло. – И санна долчу халкъана Аса бекхам бийр бац те? Цу бахьанина царна таІзар дан ца деза те Аса? – боху Везачу Эло. – Бекхам бан ца беза те Аса хІара санна долчу халкъана? Даудан тІаьхье! Везачу Эло иштта боху: хІора дийнахь кхел е, гІело хуьлуш верг цуьнан мостагІчух кІелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цІе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгІазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дІаяйалур йоцучу тайпана. Дерриг а хІара латта яьсса, инзаре меттиг хилла дІахІуттур ду, ткъа кхузарчу къаьмнаша Бавелан паччахьан йийсарехь кхузткъе итт шо доккхур ду. Аса Ярушалайм-гІалане а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашка а, церан паччахьашка а, тхьамданашка а цу кеда чуьра малийтира, церан латтанаш дассорхьама а, адамашка, цецбовларца шакарш а етташ, цу меттигийн цІераш а ялош, неІалт алийта. Нах хІинццалц а иштта лела. Веза Эла шен хьеха чуьра арадаьлла долу лом санна ву. Иштта церан латта дассийна хилира, гІело йинчун тур а, Цуьнан чІогІа дералла а бахьана долуш». Шу иштта ца лелахь, тІаккха Аса хІокху Сан дезачу цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду. ТІаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хІокху гІалин цІе яккхарца неІалташ бохур ду“». Мисар-махка кхалха а, цигахь Іан а сацам бина ЯхІуд-махкахь дийна биснарш Аса дІабохур бу. Уьш массо а Мисар-махкахь дІакхелхар бу! КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц уьш туьраца а, мацаллица а хІаллакьхир бу. Наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах Іадийна хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола а хетар бу.
Выбор основного перевода