Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дІа а хІоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тІе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна». Амма цара элира: «Тхо гІур дац!» Аса леррина ладоьгІна цаьрга, амма бакъдерг ца дуьйцу цара. Царах цхьа а шаьш лелийначунна дохко а ца ваьлла, цхьаммо а ца боху: ‘ХІун дина Аса?’ Уьш тІамана юккъехула лаллаелла йоьдучу говрах тера бу. Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хІума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цІий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хІаллакьхир бу. Нахана таІзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш“», – боху Везачу Эло. ХІара вон халкъ Сан дешнашка ладогІарх дІакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тІаьхьахІутту, царна Іамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хІокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хІуманна пайденна боцуш бина дІахІиттор бу. Шайн Везачу Дала бохучуьнга ла а ца дугІуш, аша иштта ала тарло: „Тхо дуьсур дац ЯхІуд-махкахь.
Выбор основного перевода