Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела массо ницкъийн Везачу Эло элира: «Аса царна таІзар дийр ду. Церан кегий нах туьро бойур бу, ткъа кІентий а, зудабераш а мацалла лийр ду. ХІокху гІалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хІаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гІалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кІелхьардаьккхина хир ду. Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу уьш, церан дайшна деллачу лаьтта тІехь уьш хІаллакьхилла дІабовллалц». Царах лаьцна массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса кестта оцу адамашна тІе тІом а, мацалла а, Іожаллин ун а хьажор ду, Аса уьш яа мегаш ца хиллал телхина йолу вон инжираш санна бина дІахІиттор бу. ХІора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Іожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кІелхьарвер вац“. ХІинца хаа ду шуна: шаьш даха дІадаха шуна охьаховша лууш йолчу меттехь туьро а, мацалло а, Іожаллин уьно а хІаллакдийр ду шу».
Выбор основного перевода