Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тІаьхьенах кІелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Іаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду. Хьуна хьайн махка юхаверза луур ду, амма хьо цига юхавоьрзур вац». ХІора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Іожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кІелхьарвер вац“. «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шуна гина Ас Ярушалаймана а, иштта массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна а бина болу бохамаш. Уьш хІинца яссаелла, цигахь вехаш цхьа а стаг а вац, Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса сацам бина, шуна тІе вониг даийта. Кхузахь болу массо а яхІудхой хІаллакбийр бу Аса. КІеззиг нах юхабоьрзур бу Мисар-махкара ЯхІуд-махка, туьрах кІелхьар а бевлла. ТІаккха Мисар-махкахь баха схьабаьхкина болчу дийна бисинчу берриг а яхІудхошна хуур ду, хьенан дешнаш хилла бакъ – Сан я церан. Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХІордан гІум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кІелхьардер дац.
Выбор основного перевода