Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча суна хаьа, со дІакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тІера шу дІадевр ду. Хан яьлча, шуна тІе халонаш хІуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш». Ткъа хІинца Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина. И дерриг а хилла, аша Цунна хьалха къинош летийна дела а, аша Цо бохучуьнга ла ца доьгІна дела а. «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шуна гина Ас Ярушалаймана а, иштта массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна а бина болу бохамаш. Уьш хІинца яссаелла, цигахь вехаш цхьа а стаг а вац, Таханлерчу денна тІекхаччалц шу, шаьш кІезиг а хеташ, Суна хьалха ларамах дуьзна дац, шуна а, шун дайшна а Аса беллачу Сан товрат-хьехамца а, Сан парзашца а ца лелара шу“. Дерриг а Исраилан халкъо дІатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугІуш, иза дІадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неІалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тІехь язбина болу, хІунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна. ТІаккха Дала кхочушдира тхоьга а, тхан мехкан куьйгалхошка а аьлла долу дешнаш. Цо тхуна тІе вуно боккха бохам баийтира. Ярушалайм-гІалина тІехь хилларг цкъа а стигал кІел хилла а дац.
Выбор основного перевода