Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь аша иштта алахь, ЯхІуд-махкахь дийна бисинарш, тІаккха аша Везачу Элера болчу хааме ладогІа деза. ЛадогІа шайга Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло бохучуьнга: „Нагахь санна аша Мисар-махка дІадаха а, цигахь Іан а баккъал сацам бинехь, Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгІира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гІала дІабахара. ТІаккха шайн зударша кхечу деланашна сагІанаш дохуш хилар хууш болу массо а божарий а, цигахь лаьтташ болчу зударшца цхьаьна Ярми-ЯхІуга бистхилира. Цигахь йоккха адамийн тоба яра. Царна юкъахь бара къилбаседехьара а, къилбехьара а Мисар-махкахь бехаш болу яхІудхой. Цара Ярми-ЯхІуна жоп делира:
Выбор основного перевода