Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен халкъах а, Шен хІусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тІе. Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура. Везачу Эло Шен ялхой болу пайхамарш юх-юха а шу долчу бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла а ца дугІура, уьш тергал а ца бора. Чу а ваьлла, гонах дІасахьаьжча, суна гира массанхьа а пенаш тІехь дехкина текхаргийн а, дегазчу дийнатийн а, исраилхоша Іамал еш мел болчу цІуйн а суьрташ.
Выбор основного перевода