Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Даха а гІой, Ярушалайман урамашкахула а, майданашкахула а лахийта нийсо кхочушъеш волу, Суна тешаме хуьлуш волу цхьа стаг. ТІаккха Аса Ярушалаймана гечдийр дара. Шаьш дийна волчу Везачу Элах чІагІо яхь а, цунах а ца тешаш, харцонца бист ма хуьлу уьш». Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таІзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тІулгал а чІогІа чІагІйина, Хьуна тІедерза царна ма ца лаьара. Амма аса сайга элира: „Уьш къен нах хила мега, цаьргахь хьекъал дац. Цундела царна Везачу Элан некъ а, Дала тІедиллинарг а ца девза. Со халкъан баьччанаш болчу гІур ву. Царна хууш хила деза Везачу Элан некъаш а, шайна Дала тІедиллинарг а“. Амма цара массара а Цуьнан дукъ шайна тІера дІадаьккхина, шайн Цуьнца йолу массо а зІенаш а хедийна. Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама.
Выбор основного перевода