Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь хІокху бертан тІедожораш а хезна, шен дагахь ша хастийна стаг: „Со синтем болуш хир ву, сайн деган лаамехь со лелашшехь“, – бохуш. Иштта хІаллакьхир ду дерриг а халкъ. Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тІера дІа а ваьлла, цІаданхойн цІу-далла Іаштартана а, муабахойн цІу-далла Камошна а, Іамминхойн цІу-далла МилкІомна а Іибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тІера дІа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дІахІоьттина. Цу гІуллакхашна тІехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дІатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дІахІоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Іибадат а дора, БаІал-харцдалла Іамал а йора. Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаІална сагІа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора. Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. Ярушалаймера цІенош а, яхІудхойн паччахьийн цІенош а – шайн цІенойн тхевнашна тІехь стигалийн ницкъашна кІур тоьхна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш даьхна а долу массо а цІенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“». «Аша боху: „Тхо кхин къаьмнаш санна, кхечу мехкашкара долу халкъаш санна хир ду, дечигна а, тІулгана а Іамал а еш“. Амма аша бохург цкъа а хир ма дац! ХІунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара. Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тІаьххье дІагІур ю со, цара суна бепиг а, хи а, тІаргІа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“. Цо ишттаниг лелорна, коканийн коьллашца Аса цуьнан некъ дІакъовлур бу, цунна дуьхьал пен дІахІоттор бу, цунна некъ ца карабайтархьама. Иза шен безаргашна тІаьхьауьдур ю, амма тІаьхьакхуьур яц. Уьш лоьхур бу цо, амма карор бац цунна уьш. ТІаккха эр ду цо: „Сайн дуьххьарлерчу майрачунна тІе дІагІур ю со. Цуьнца долу дахар гІоле дара сан, хІинца чул“. Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагІаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаІал-цІу дІахІоттийна. Ялта чудерзо хан тІекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагІар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тІаргІа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу. Церан кхоллам – хІаллакьхилар ду. Церан дела – гайна там бар ду. Эхьечу гІуллакхех дозалла до цара. Цара, кху дуьненан хІуманийн бен, ойла ца йо.
Выбор основного перевода