Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгІазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тІе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тІе охьаІанор ю, шу Мисар-махка дІадахча. Наха шун цІе яккхарца неІалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хІара меттиг а гур яц шуна“.
Выбор основного перевода