Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». Ас омра дийр ду, – боху Везачу Эло, – уьш и гІала йолчу юхабахкийта. Цара, тІе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цІарца ягор а ю. ЯхІуд-махкара гІаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“». Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю.
Выбор основного перевода