Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вежарий хьоьгура цунах, амма дас дагахь латтадора и хилларг. ИсмаьІалан тІаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тІехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гІуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дІавигира. ИсмаьІалан тІаьхьенах болчу совдегарша Мисар-махка валийра Юсуп. ПирІунан гІаролан хьаькам а волуш, цунна уллорчех цхьаъ волчу мисархочо Патипара ийцира иза цаьргара. Веза Эла вара Юсупца, цуьнан дика аьтто хилира. Хьолахо волчу мисархочун хІусамехь вехаш вара иза. Цуьнан хІусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гІуллакхаш тІехь гІо деш Иза хилар а. Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хІара дикачу агІор гайтира Везачу Эло. Цунна ша тІедиллинчу гІуллакхна сагатдан ца оьшура набахтин коьртачу хьаькамо, хІунда аьлча, Юсупан массо а хІуманна тІехь аьтто беш, Веза Эла вара цуьнца. ТІаккха Юсупа элира: «Суна тІедуьйлийша». Уьш тІебаьхкича, цо элира: «Со аша Мисар-махка воьхкина шун ваша Юсуп ву!
Выбор основного перевода