Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса тІевогІуш Шена гича, Веза Эла кулла юкъара кхайкхира: «Ва Муса!» «Со кхузахь ву!» – элира Мусас. Дала элира: «ТІе ма воьллахь кхуза. Хьайн когара мачаш дІаяха, хьо лаьтта меттиг, Со кхузахь хиларна, деза латта ду. Со хьан ден Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дІакъевлира, хІунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа. Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Исраилхойн белхарш хезна Суна, мисархоша церан Іазапехь бахкор а гина. ХІинца Ас хьо пирІунна тІе вохуьйту. Ваха а гІой, Мисарара Сан халкъ, Сан халкъ долу исраилхой, Мисарара арабаха».
Выбор основного перевода