Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цІа? Сан садоІу меттиг а мичахь хир ю? И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дІахІоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кІезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу. Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чІагІо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. Лаьттах а ма е чІагІо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гІала ю.
Выбор основного перевода