Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. Шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе кхочур ду шу. Со шуьца вогІур вац, новкъахь шу хІаллак ца дархьама, хІунда аьлча шун халкъ чІогІа аьрха ду». ХІунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: «ДІаала исраилхошка: „Шу аьрха халкъ ду. Цхьана муьрана Со шуьца дІавеача а, Ас атта хІаллакдийр дара шу. Шайна тІера дашо хІуманаш схьаяха. Со хьожур ву шуна хІун дан деза“». Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагІийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гІуда текхча а, Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагІа хилира: Иза Ша цаьрца тІом беш дара. Ас жоп делира: «Хьаьнга вистхила веза со, мила тІетаван веза аса, сайга ладогІийта? Наха шайн лергаш дІакъевлина, цундела царна хІумма а ца хеза. Везачу Элера долу дош царна сийсазалла санна хилира, царна тамехь дац иза. Мисар-махкарчу а, ЯхІуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Іаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тІера месаш лоргуш болчу нахана тІехь Аса таІзар дийр ду, хІунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тІаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю».
Выбор основного перевода