Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза кхелхира КанаІан-махкахь йолчу Кхиръят-АрбаІ цІе йолчу (хІинца Хьеврон олучу) гІалахь. Сарат кхелхича, ИбрахІима, четар чу а веана, белхар хІоттийра. Шен елла зуда Іад а йитина, хьетахошца къамел дан вахара иза. «Со шуна юккъехь тІевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дІаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дІаерзо», – элира цо цу нахе. Хьетахоша жоп делира ИбрахІиме: «Эла, хьо сийлахьчу элех цхьаъ ву тхуна юкъахь. Хьайн елларг тхан тоьллачу къубба чохь дІайолла. Хьоьга цигахь зуда дІайоллийта тхох цхьа а дуьхьал хир вац хьуна». ИбрахІим, хьала а гІаьттина, цу мехкан нахана хьалха охьатаьІира. Цо элира цаьрга: «Нагахь шу билггал сан зуда дІайолла суна гІо дан лууш делахь, сан цІарах ЦІохьаран кІантаца Іепронаца къамел дейша. Цуьнан латта чекхдоллучохь, шех Махпела олу меттехь йолу хьех эца лаьара суна. Цунах буьззина болу мах а лур бара ас, ткъа латта сайн зуда дІайолла ас оьцуш хиларан шу тешаш хила а лаьара суна». Іепрон хьетахошна юкъахь хиина Іаш вара. ГІалин кевнна хьалха баьхкинчу массо а нахана юкъара цо жоп делира ИбрахІимна: «ХІан-хІа, эла, хІокху сайн вежаршна хьалха ас дІало хьуна и латта а, цу тІехь йолу хьех а, хьайн зуда цу чохь хьоьга дІайоллийтархьама». Кхин цкъа а хьетахошна хьалха охьатаьІира ИбрахІим. ТІаккха, массарна а хезаш, цо Іепроне элира: «Оцу лаьттах хьуна буьззина мах бала лаьа суна. Соьгара ахча дІаэцахьара ахь, тІаккха сайн зуда дІаюллур яра ас». Іепрона ИбрахІимна жоп делира: «ЛадогІахь соьга, эла: диъ бІе шекхал дато ахча хьуна а, суна а хІумма а йоцург ю! Хьайн елларг дІайоллахь». Іепрона аьллачунна реза а хилла, хьетахошна хьалха лаьттах цІе тоьхна мах дІабелира ИбрахІима. Цо делларг диъ бІе шекхал дато ахча дара (шекхал совдегаршна юкъахь лелош долчу барамехь дара). Иштта Іепронан латта кхечуьнан дола делира. Мамари олучу меттигна уллохь, Махпелахь дара и латта. ИбрахІиман дола делира латта а, цу тІера хьех а, дитташ а. ИбрахІиман а, Іепронан а хиллачу механ тешаш хилира гІалин кевна хьалха баьхкина массо а хьетахой. Цул тІаьхьа ИбрахІима шен зуда Сарат оцу лаьтта тІехь йолчу хьеха чохь дІайоьллира. И меттиг КанаІан-махкахь йолчу Мамарина (хІинца Хьеврон) гена йоццуш яра. ИбрахІима хьетахошкара латта а, цу тІера хьех а эцна, цунах нах дІабухку меттиг йира. БІе дато ахча а делла, Шехеман дегара, Хьамуран доьзалера латта ийцира Якъуба. Цу тІехь шен четар дІахІоттийра цо. Юха иштта весет дира цо шен кІенташка: «Со сайн дай болчу дІагІур ву кестта. Хьетахочун Іепронан лаьтта тІехь, сан дай болчу хьеха чохь дІаволлалаш со. КанаІан-махкарчу Мамари олучу меттера Махпела цІе йолчу арахь ю и хьех. Хьетахочуьнгара Іепронера нах дІабохка эцначу лаьттаца цхьаьна эцна ю и хьех ИбрахІима. Юсуп шен да дІаволла воьдуш, цуьнца пирІунна уллора нах а, пирІунан цІийнера а, берриг Мисар-махкара а элий бахара. Юсупан доьзалера берш а, вежарий а, цуьнан ден цІийнах болу нах а бахара. ГІашанехь бераш а, даьхни а бен ца дисира. Царна тІаьхьахІиттина йогІуш гІудалкхаш а яра, дошлой а бара. Дукха адам дара дІадогІуш. Йордан-хина малхбалехьа йолчу Атад олучу хьаьтта кхаьчча, чІогІа белха хІиттира уьш. ВорхІ дийнахь цигахь белхар дира Юсупа. Атада уллохь долу и белхар а гина, цу меттехь Іаш болчу канаІанхоша элира: «Мисархойн доккха белхар ду». Цундела Йорданна малхбалехьа йолчу цу меттигах Абал МицІраим олу (иза «мисархойн белхар» бохург ду). Иштта Якъубан кІенташа цуьнан весет кхочушдира. КанаІан-махка дІа а ваьхьна, Мамари цІе йолчу меттигна уллохь йолчу Махпела олучу арахь лаьттачу хьеха чохь дІавоьллира цара иза. И хьех цу аренца цхьаьна ИбрахІима хьетахочуьнгара Іепронера эцнера, шен белла нах цу чохь дІабохкархьама. Шехемехь дІайоьхкира исраилхоша Мисар-махкара схьаеана Юсупан даьІахкаш. Уьш дІайоьхкина аре Шехеман да волчу Хьамуран кІенташкара Якъуба эцна яра, бІе дато ахча а делла. Юсупан кІенташна кхаьчна дара и лаьттан дакъа.
Выбор основного перевода