Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тІаьхьенаша а ларбан беза барт хІара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза. Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дІахададе – иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю. КІентан бархІ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХІора шайна вина волу кІант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза. Хьан цІа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догІмаш тІехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тІейогІучу хенахь гуттара а хир бу. Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дІатосур ву, хІунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна». ИбрахІим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кІант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира. Сарата винчу кІентан цІе Исхьакх (иза Іебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахІима. Исхьакхан бархІ де кхаьчча, ИбрахІима иза сунтвира, Дала шена тІе ма-диллара. ШолгІаниг дуьнен чу волуш, Іесаван кІажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цІе Якъуб тиллира (и ду «КІажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара. Везачу Элана гора Якъубана Рахьал Леэл чІогІа езаш хилар, цундела Цо Леин бераш хилийтира, ткъа Рахьалан ца хилийтира. Леас кІант вира, цуьнан цІе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хІунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хІинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кІант вира цо. Цуьнан цІе цо ШимІа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кІант велла». Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кІант вира Леас. Цо цуьнан цІе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХІинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кІант ма вина цунна». Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кІант вира Леас. Цуьнан цІе ЯхІуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХІинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тІаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза. Рахьална гора шен Якъубана дина бер ца хилар. Шен йишех Леэх хьоьгуш, цо элира Якъубе: «Со лийр ю, ахь сан бераш ца хилийтахь!» Якъуба элира, Рахьална оьгІаз а вахана: «Хьуна бераш ца деллачу Делан метта-м вац со?» ТІаккха Рахьала элира: «Сан ялхочуьнца Балхьатца дІавижа. Нагахь санна цо суна бер дахь, сан а цуьнгахула доьзал хир бу». Рахьала шен ялхо Балхьат елира Якъубана, цунах зуда яйта. Якъуб цуьнца дІавижира. Доьзалхочух а хилла, Якъубана кІант вира Балхьата. «Сан доІанаш а хезна, Дала со бакъйина, – элира Рахьала. – Цо суна кІант велла». Цо кІентан цІе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду). Юха доьзалхочух хиллачу Рахьалан ялхочо Балхьата шолгІа кІант вира Якъубана. «Дала бахьана а хІоттийна, сайн йишица къовса а елла, толам баьккхи ас», – элира Рахьала. Цу кІентан цІе Наптал тиллира цо (иза «къийсам» бохург ду). Шен кхин бер ца хуьлий хиинчу Леас Якъубана шен ялхо Залпаъ елира, цунах зуда яйта. Леин ялхочо Залпаа Якъубана кІант вира. «Сан аьтто хилла», – элира Леас. Цо кІентан цІе Гада (иза «аьтто» бохург ду) тиллира. Леин ялхочо Залпаа Якъубана кхин цхьа кІант а вира. Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХІинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кІентан цІе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду). КІа хьокхучу хенахь арахула вогІучу Раабанна дудаъ цІе йолу орамаш карийра. Цо уьш шен нанна Леина схьадеара. Рахьала элира Леига: «Хьан кІанта деана дудаъ-орамаш лохьа суна жимма». «Ахь майра а ваьккхина соьгара, – элира Леас, – хІинца сан кІанта деана дудаъ-орамаш а деза хьуна?» Амма Рахьала жоп делира: «Нагахь хьайн кІанта деана орамаш ахь суна лахь, тховссехь Якъубца дІайижа мегар ду хьуна», – аьлла. Сарахь Якъуб арара цІа вогІуш, Леа цунна дуьхьал елира. «Тховса хьо соьца дІавуьжур ву, – элира цо. – Ас сайн кІентан дудаъ-орамаш делла хьох». Цу буса Якъуб Леица дІавижира. ТІаккха Леин доІанаш а хезна, Дала юха а доьзалхочух хилийтира иза. Цо Якъубана пхоьалгІа кІант вира. Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгІат дина суна». Цо кІентан цІе Иссархан тиллира (иза «совгІат ду» бохург ду). Юха а доьзалхочух а хилла, Якъубана ялхалгІа кІант вира Леас. «Дала тамашийна похІма делла суна, – бохура Леас. – ХІинца Якъуба со, билггала, лорур ю, хІунда аьлча ас ялх кІант вина цунна». Цо кІентан цІе Забул тиллира (иза «ларам» бохучух тера ду). Цул тІаьхьа Леас йоІ йира, цуьнан цІе цо Дина тиллира. Рахьал дагахь а йолуш, цуьнан доІина жоп а делла, бер хилийта аьтто бира Дала.
Выбор основного перевода