Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И гІуллакх хаа а хиъна, Муса вен гІерташ пирІун а вара. Амма пирІун волчуьра ведда, маданхойн лаьтта тІе веара Муса. Цу махкахь волчу динан ден ворхІ йоІ яра. Муса гІуна йистехь охьахиина Іаш волчу хенахь, Цу шинга цара элира: «Везачу Эло кхел йойла шуна аша пирІунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха тхан сий дайарна. Церан кара тур делла аша тхо дайийта». Юха Везачу Эле Мусас элира: «Веза Эла! Сел халачу бале хІара халкъ хІунда теси Ахь? Со кхуза хІунда ваийти? Шина кІантах цхьаннан цІе ГІиршам яра (иза «цигахь волу тІевеанарг» бохург ду). И цІе Мусас тиллинера, ша хийрачу махкахь тІевеана стаг волу дела. Вукху кІентан цІе ЭлиІазар яра (и цІе «Дала суна гІо до» бохучух тера ю). Иза вича, Мусас элира: «Сан ден Дала, суна гІо а дина, пирІунан туьрах со кІелхьарваьккхина».
Выбор основного перевода