Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. Хьо тІевеана лелаш волу КанаІан-мохк берриг а хьуна дІалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІа а лур бу, церан Дела а хир ву Со». Цо элира соьга: „Ас дебор бу хьан доьзал, хьан дуккха а бераш хуьлуьйтур ду, хьох халкъийн доьзал схьабер бу. ХІара латта хьан тІаьхьенна гуттаренна а дІалур ду Ас“. Аша цаьрца тІом ма болабелаш, хІунда аьлча Ас церан латтанех ког тІебиллал а латта лур дац шуна. СеІир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Іесаван тІаьхьенна дІабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама.
Выбор основного перевода