Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраил, шен долахь дерг дерриг схьа а эцна, новкъа велира. ВогІуш, Беар-ШабаІе ша кхаьчча, шен ден Исхьакхан Далла лерина сагІанаш дехира цо. Буьйсанна самах веанчу Дала Исраиле элира: «Якъуб!» «Со кхузахь ву», – жоп делира Якъуба. Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гІо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду. Со хьоьца Мисар-махка дІа а вогІур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бІаьрг Юсупа дІакъовлур бу». Беар-ШабаІера кхин дІа а вахара Якъуб. Исраилан кІенташа шайн да а, бераш а, зударий а пирІуно яийтинчу гІудалкхаш чу ховшийра цига дІабига. КанаІан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тІаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб. Шен кІенташна хьехам бина а ваьлла, ши ког метта хьала а баьккхина, дІавижна волу Якъуб, кхалха а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Юсуп а, цуьнан вежарий а, церан нах а, кхелхина, дІабевллера.
Выбор основного перевода