Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш Мисарара арадевлла кхозлагІа бутт чекхболуш, бутт цІинлучу хенахь, Синай цІе йолчу яьссачу ара баьхкира исраилхой. Рапидамера схьабевлла, Синай йолчу а баьхкина, ламанна дуьххьал севцира уьш. Цара цигахь шайн меттамотт хІоттийра. Муса лома тІе, Дела волчу хьалавелира. Везачу Эло, лам тІера кхайкха а кхайкхина, цуьнга элира: «Якъубан тІаьхьене, исраилхошка, дІаала: „Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тІемаш тІехь санна, шаьш Со волчу схьадалор. Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». Мусас халкъ, меттаматтара ара а даьккхина, ламанна кІел Делаца цхьаьнакхета дІадигира. Уьш ламанан кІажехь дІахІиттира. Юха Дала халкъе хІара дешнаш элира: «Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас. Везачу Элан, шайн Делан, цІе эрна ма яккха, хІунда аьлча Шен цІе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таІзар ца деш вуьтур вац. Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама. Адам ма де. Нахаца ма лела. Къола ма де. Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де. Шайн уллорачун цІа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гІарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хІума а шайна ма деза». Веза Эла ломахь йолчу цІерана юккъера юьхь-дуьхьал вистхилира шуьга. Ткъа со оцу хенахь Везачу Элана а, шуна а юккъехь лаьтташ вара, Везачу Эло бохург шуьга дІадийцархьама. ХІунда аьлча шу, цІерах шаьш кхерарна, лам тІе ца довлура. ХІетахь Везачу Эло иштта элира: „Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. Со воцург, кхин Дела ма хилийта шайн. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас. Везачу Элан, шайн Делан, цІе эрна ма яккха, хІунда аьлча Шен цІе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таІзар ца деш вуьтур вац. Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, шоьтан де ларде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гІаланашкахь ваха тІевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хІунда аьлча шу санна шун лено а, гІарбашо а садаІа деза. Диц ма делаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла хилар, ткъа шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца а, Шен дІакховдийначу пхьаьрсаца а шу арадаьхна хилар. Цундела шоьтан садоІу де лардан шуна тІедиллина шун Везачу Дала. Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тІе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а. Адам ма де. Нахаца ма лела. Къола ма де. Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де. Шайн уллорачун зуда ма еза. Иштта цуьнан цІа я латта а ма деза, цуьнан лай а, гІарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хІума а шайна ма езийта“. ХІара хьехамаш лам тІехь волчу Везачу Эло чІогІачу озаца халкъан берриг а гуламна белира. ЦІерана а, мархина а, Іаьржачу боданна а юккъера Ша вистхилча, царал сов, Цо хІумма а ца элира. ТІаккха и дешнаш тІулгах йолчу шина экъанна тІе дІа а яздина, уьш соьга схьаелира Цо». Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кІелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргІатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш. Иза массо а агІор гІолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Іалашдан делла хилар ду. ХІинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Іамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хІинца а шура оьшу, чІогІачу кхачанан метта. Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гІуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гІуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Іийсан бІеннаш шерашкахь, амин!
Выбор основного перевода