Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Іуьллуш долу кхо санна, цигахь Іохкур ю. Ярушалаймера цІенош а, яхІудхойн паччахьийн цІенош а – шайн цІенойн тхевнашна тІехь стигалийн ницкъашна кІур тоьхна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш даьхна а долу массо а цІенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“». Ас царна вон парзаш а, дахарна тІе ца доьду тІедилларш а делира. Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хІора, шайн цІуйн гІуллакх а деш лела! Амма цул тІаьхьа, аша Соьга ла ца догІахь, Сан еза цІе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагІанашца а, шайн цІушца а! Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш даха ма ца дийзира хьан! Шайн паччахь-делан Сакутан а, шайн седа-делан Кайвулин шайн куьйгашца дина долу суьрташ хІетахь а леладора те аша? Ткъа хІинца аша уьш лела ма бо! Аша иза дарна, шу махках а даьхна, Дамасакхана дехьа дохур ду Ас», – боху Везачу Эло. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Дела ю.
Выбор основного перевода