Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадирзина диъ бІе дезткъа шо даьлча, Везачу Элан цІа дан долийра Сулим-паччахьо. Иза дара Сулим Исраил-мехкан паччахь хІоьттина доьалгІа шо долуш, Зив олучу шеран шолгІачу баттахь. Цу тайпана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа. Амма, бакъдерг аьлча, Іойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІотийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. Ярушалаймерчу Мори-лам тІехь Везачу Элан цІа дан долийра Сулима. Оцу лома тІехь Веза Эла Сулиман дена Даудана дуьхьалхІоьттинера. Иза хиллера явсайхо волчу Орнан хьаьттахь. Дауд-паччахьо кечйинера и меттиг. Иштта чекхбехира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна шена бан лиъна болу берриг а белхаш. Шен дас, Дауда, Далла лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хІуманаш цу цІа чу ехкира Сулима. Делан цІийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хІуманаш а дІаелира цо. Ткъа аса Хьуна исбаьхьа цІа дІахІоттийна, Хьо цу чохь абаденналц вахийта». Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гІанта тІе хиира со, хІинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа а дІахІоттийна.
Выбор основного перевода