Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тІаьхьенах берш хийрачу махкахь тІебаьхкина нах а хилла Іийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бІе шарахь леш а бина, Іазапехь латтор бу уьш. Амма Аса таІзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тІаьхьа хьан тІаьхьенах болу нах цу махкара дІагІур бу, дуккха а хьал а эцна. Шен зудчо кІант вича, Мусас цуьнан цІе ГІиршам тиллира (иза «цигахь волу тІевеанарг» бохург ду), хІунда аьлча ша хийрачу махкахь тІевеана стаг волу дела. Исраилхоша Мисарахь диъ бІе ткъе итт шо даьккхинера.
Выбор основного перевода