Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгІин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТІаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!» Иза ган а гина, ша динчу суьртана хьалха сагІа доккху меттиг а кечйина, АхІарона дІахаийтира: «Кхана Везачу Элана лерина деза де хир ду». ШолгІачу дийнахь, хьалххе хьала а гІевттина, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира цара. Юха, яа а, мала а охьа а хевшина, шайн самукъадаккха хьалагІевттира уьш. Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгІа йира, лалийначу деших винчу оцу цІунна Іибадат а дира.
Выбор основного перевода